Хьалхара бух – АллахI Дела вовзар




 

Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: хьан Дела мила ву? Ахь ала: сан Дела АллахI ву, со а, дерриге Iаламаш а Шен ниIматашца кхиийна волу. Иза ву ас Шена Iибадат деш верг, Иза воцург кхи Iибадат дан цхьа а вац сан. Цунна тешаллийна АллахIан дош ду:

{الحَْمدُ لله رَبِّ الْعلَمِيَن} [سورة الفاتحة: الآية 2]

{Хастам бу АллахIана, Iаламийн Элана} [Сурат "Алфатихьат" 2 аят].

АллахI воцург кхидолу массо хIума Iаламашна юкъадогIуш ду, иштта со а ву оцу Iалам юкъара.

 

Нагахь санна хьоьга алахь: хьуна хьайн Дела муха воьвзина? Ахь ала: Суна Иза Цуьнан аяташца (билгалонашца) а, Цо кхоьллинчу хIуманашца а воьвзина. Цуьнан аятех (билгалонех) ду: буьйса а, де а, малх а, бутт а.

 

Цо кхоьллинчу хIуманех ду: ворхI стигал а, ворхI латта а, цаьршинна чохь дерг а цаьршинна юкъахь дерг а. Цунна тешаллийна АллахIан дош ду:

{وَ مِنْ ءَايتِهِ الَّيْلُ وَ النَّهَارُ وَ الشَّمْسُ وَ الْقَمَرُ لا تَسْجُدُوا لِلشَّمْسِ وَ لا لِلْقَمَرِ وَ اسْجُدُواْ لله الَّذِى خَلَقَهُنَّ إِنْ كُنْتُمْ إيَّاهُ تَعْبُدُونِ} [سورة فصلت: الآية 37]

{Цуьнан билгалонех ду буьйса а, де а, малх а, бутт а. Ма де суджуд малхана, я баттана, (амма) суджуд де АллахIана, уьш кхоьллина волчу, нагахь шаьш Цунна Iибадат деш делахь}. [Сурат "Фуссилат" 37 аят].

 

Иштта кхин а аьлла Дала Къуръан чохь:

{إِنَّ رَبَّكُُمُ الله الَّذِى خَلَقَ السَّموتِ َو الأَرْضَ فِى سِتَّةِ أياَّمٍ ثُمَّ اسْتَوَى عَلَى الْعَرْشِ يُغشِى الَّيْلَ النَّهَارَ يَطْلُبُهُ حَثِيثًا وَ الشَّمْسَ وَ الْقَمَرَ وَ النُّجُومَ مُسَخَّرَاتٍ بِأمْرِهِ أَلاَ لَهُ الخَلْقُ وَ الأَمْرُ تَبَارَكَ الله رَب العَلَمِين} [سورة الأعراف: الآية 54]

{Баккъалла шун Дела ву, стигланаш а латта а ялх дийнахь кхоьллинарг, цул тIаьхьа Иза нисвелла Iарша тIехь, Цо буьйса денна тIетосу, цо (буьйсано) иза (де) сихонца лоху. Малх а, бутт а, седарчий а, Цо муьтIахь дина Шен омрунца, Цуьнан карахь ду кхоллар а, болх а. Беркате ву АллахI, Iаламийн Эла (Дела)}. [Сурат "АлъаIраф" 54 аят].

 

Дела бохург - шена кхечу наха Iибадат дийриг бохург ду. Иза иштта хилар гойту АллахIан дашо:

{يَأَيهَا النَّاسُ اعْبُدُواْ رَبَّكُمُ الَّّذِى خَلَقَكُمْ وَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ. الَّذِى جَعَلَ لَكُمُ الأَرْضَ فِرَاشًا وَ السَّمَاءَ بِنَاءً وَ أنْزَلَ مِنَ السَّمَـآءِ مَاءً فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقَا لَكُمْ فَلا تَجْعَلُواْ لِلَّهِ أَنْدَادًا وَ أَنْتُمْ تَعْلَمُونَ} [سورة البقرة: الآيتان 21-22]

{ХIай адамаш, Iибадат де шайн Далла, шу а шул хьалхарниш а кхоьллина волчу, шу хила мега тIаккха (Цуьнах) кхоьруш (аш Цунна Iибадат дича). (Аш Iибадат де АллахIана) шуна латта мотт санна дина волчу, стигал а гIишло санна йина волчу, стиглара хи а доссийна цуьнца стоьмаш а баьхна (лаьттара хьала) шуна рицкъанна, ткъа аш ма бойла АллахIаца накъостий, шаьш хууш доллушехь (и дан ца мегий)} [Сурат "Албакъарат" 21-22 аяташ].

 

ХIокху аятан тафсирехь Ибну-Касира - Дала къинхетам бойла цуьнах - аьлла: "И хIумнаш кхоьллина верг - Иза ву Шена Iибадат дан хьакъ долуш верг".

 

АллахIа тIедехкина долчу Iибадатан дакъош - Ислам, Иман, Ихьсан а санна долу, иштта доIа дар а, кхерар а, догдахар а, болх тIебиллар а, безам хилар а, цабезам хилар а, гIолахар а, хьаставалар а, тIетовжар а, Iалашвар дехар а, гIо дехар а, хьайбанна урс хьакхар а, чIагIо яр а, иштта кхин долу Iибадаташ а АллахIа тIедехкина долу, уьш массо а цхьа АллахIан доьхьа хила дезаш ду. Тешалла АллахIан дош ду:

{وَ أَنَّ المَسَجِدَ لِلَّهِ فَلا ـَدْعُواْ مَعَ الله أَحَدًا} [سورة الجن: الآية 18]

{Баккъалла маьждигаш АллахIан ду, аш макхайкха АллахIаца кхечуьнга цхьаьнга а} [Сурат "Алджинн" 18 аят].

 

Оцу Iибадатех цхьаъ делахь а кхечуьнга дерзийнарг - иза АллахIаца накъост веш хуьлу Iибадат дарехь, куфр деш а хуьлу. Тешалла ду АллахIан дош:

{و مَنْ يَدْعُ مَعَ الله إِلهًا ءَاخَرَ لا بُرْهَانَ لَهُ بِهِ فَإِنَّمَا حِسَابُهُ عِنْدَ رَبِّهِ إنَّهُ لا يُفْلِحُ الكَافِرُونَ} [سورة المؤمنون: الآية 117]

{АллахIаца кхечу деле кхойкхуш верг - шегахь цхьа тешалла а доцуш - баккъалла а цуьнан хьесап дар цуьнан Делехь ду, баккъалла а декъал хир бац керстанаш (куфр деш берш)} [Сурат "Алмуъминун" 117 аят].

 

Хьадисехь деана ду: "Дехар, доIа дар - Iибадатан тIум ю".

 

Цунна тешаллийна АллахIан дош а ду:

{وَ قَالَ رَبُكُمُ ادْعُونِى أَسْتَجِبْ لَكُمْ إِنَّ الَّذِينَ يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِى سَيَدْخُلُونَ جَهَنَّمَ دخِرِينَ} [سورة غافر: الآية 60]

{Шун Дала аьлла: Соьга деха, доIа де, Ас жоп лур ду шуна. Баккъалла а, Суна Iибадат дарх куралла еш берш гIур бу жоьжагIате аьшнаш бина сийсаз а болуш} [Сурат "ГIафир" 60 аят].

 

АллахIах бен кхера ца везаран тешалла ду Цуьнан дош:

{فَلا تَخَافُوهُمْ وَ خَافُونِ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ} [سورة آل عمران: الآية 175]

{Шу ма кхера церах, шу кхера Соьх, нагахь санна шу тешаш делахь (Соьх)} [Сурат "АалIимран" 175 аят].

 

Догдахаран тешалла ду АллахIан дош:

{فَمَنْ كَانَ يَرْجُواْ لِقَآء رَبِّهِ فَلْيَعْمَلْ عَمَلا صَالِحَا وَ لا يُشْرِكْ بِعِبَادَةِ رَبِّهِ أَحَدَا} [سورة الكهف: الآية 110]

{Ткъа шен Далла ша дуьхьалкхетаре догдохуш волчо йойла дика Iамал, ша шен Далла Iибадат дарехь накъост а ма войла цо} [Сурат "АлкахIф" 110 аят].

 

БолхтIебилларан тешалла ду АллахIан дош:

{وَعَلَى الله فَتَوَكَّلُواْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ} [سورة المائدة: الآية 23]

{АллахIана тIебилла болх нагахь санна шу тешаш делахь (Цуьнах)} [Сурат "Алмаидат" 23 аят].

 

Иштта оцунна тешаллийна кхин а цхьа аят ду:

{وَ مَنْ يَتَوَكَّلْ عَلَى الله فَهُوَ حَسْبُهُ} [سورة الطلاق: الآية 3]

{АллахIана тIе болх биллинчунна - Иза кхачам болуш тоьаш ву цунна} [Сурат "АттIалакъ" 23 аят].

 

Безам хиларан а цабезам хиларан а, хьаставаларан а тешалла ду АллахIан дош:

{إِنَّهُمْ كَانُواْ يُسَارِعُونَ فِى الْخَيْرَاتِ وَ يَدْعُونَنَا رَغَبًا وَ رَهَبًا وَ كَانُواْ لَنَا خشِعِينَ} [سورة الأنبياء: الآية 90]

{Баккъалла а уьш бара диканаш дарехь сихо еш, Тхоьга (АллахIе) кхойкхуш а бара, безам а болуш (массо дикачу хIуманехь), цабезам а болуш (массо вочу хIуманехь), Тхуна хьастабелла (АллахIан сий деш Цунна муьтIахь) а бара уьш} [Сурат "Алъанбияъ" 90 аят].

 

АллахIах дагчохь кхера везаран тешалла АллахIан дош ду:

{فَلا تَخْشَوْهُمْ وَ اخْشَوْنِى} [سورة البقرة: الآية 150]

{Ма кхера шу церах, Соьх кхера} [Сурат "Албакъара" 150 аят].

 

АллахIе дерза дезаран тешалла ду АллахIан дош:

{وَ أَنِيبُواْ إِلَى رَبِّكُمْ وَ أَسْلِمُواْ لَهُ} [سورة الزمر: الآية 54]

{Шу дерза шайн Деле, Цунна муьтIахь а хила} [Сурат "Аззумар" 54 аят].

 

ГIо дехаран тешалла ду АллахIан дош:

{إَيَّاكَ نَعْبُدُ وَ إِيَّاكَ نَسْتَعِينُ} [سورة الفاتحة: الآية 5]

{Хьуна цхьанна Iибадат а до оха, Хьоьгара цхьаьнгара гIо а доьху оха}

[Сурат "Алфатихьат" 5 аят].

 

Хьадисехь а деана ду: "Айхьа гIо лахахь АллахIера лаха хьайна гIо, Цуьнгара деха а деха".

 

Iалашвар АллахIе деха дезаран тешалла ду АллахIан дош:

{قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ. مَلِكِ النَّاسِ} [سورة الناس: الآيتان 1-2]

{Ахь ала: со ларло адамийн Эла волчуьнца (АллахIаца), адамийн Паччахьца} [Сурат "Аннас" 1-2 аят].

 

Орца лахаран тешалла ду АллахIан дош:

{إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَاسْتَجَابَ لَكُمْ} [سورة الأنفال: الآية 9]

{Аша шайн Деле орца доьхучу хенахь Цо жоп делира шуна}

[Сурат "Алъанфал" 9 аят].

 

Хьайбанна урс хьакхаран (гIурба деран) тешалла АллахIан дош ду:

{قُلْ إِنَّ صَلاتِى وَ نُسُكِى وَ مَحْيَاىَ وَ مَمَاتِى لله رَبَّ الْعلَمِينَ. لا شَرِيكَ لَهُ وَ بِذلِكَ أُمِرْتُ وَ أَنَا أَوَّلُ الْمُسْلِمِينَ} [سورة الأنعام: الآيتان 162-163].

{Ахь ала: баккъалла сан ламаз а, сан урс хьакхар а, сан вахар а, сан валар а, Iаламийн Эла волчу АллахIан доьхьа ду. Накъост вац Цуьнца. Оцуьнца омру дина ду суна, со доьххьара бусалба а ву} [Сурат "АлъанIам" 162-163 аят].

 

Суннатера тешалла ду Пайхамаран - Делера салам маршалла хуьлда цунна - дош:

"АллахIа неIалт аьлла АллахI а воцуш кхечуьна доьхьа урс хьакхначунна (кхечуьна доьхьа сагIа дийначунна).

 

ЧIагIо яран тешалла ду АллахIан дош:

{يُوفُونَ بِالنَّذْرِ وَ يَخَافُونَ يَوْمَا كَانَ شَرُّهُ مُسْتَطِيرًا} [سورة الإنسان: الآية 7].

{Цара кхочуш йо шаьш йина йолу чIагIо, уьш кхера а кхоьру шен вон дIасадаьржар долчу дийнах} [Сурат "Алъинсан" 7 аят].

 



Поделиться:




Поиск по сайту

©2015-2024 poisk-ru.ru
Все права принадлежать их авторам. Данный сайт не претендует на авторства, а предоставляет бесплатное использование.
Дата создания страницы: 2021-11-26 Нарушение авторских прав и Нарушение персональных данных


Поиск по сайту: