I
– Хан декъала хуьлда хьан!
– Хьан а хуьлда хан декъала!
– Хьо яр-кха ас лехнарг...
– Хьо лоьхуш со а яр-кха...
– Вайшиъ вовшийн карийна-кх.
– Сан доладан реза вуй хьо,
Сан Дела а хилла?
– Реза ву со хьан доладан,
Хьан Дела а хилла,
Хьо а елахь реза сан йоьхь хила,
Делан йоьхь хилла...
– Со реза ю хьаи йоьхь хила,
Хьо сайн дела а лоруш,
Делан йоьхь хила а,
ЦIена,
Нуьре,
Сирла,
Беркате,
Хьуна тешаме, хьуна хьанал.
Кхин декьашхо а воцуш...
Хьо а хила веза сан,
Сан Дела а волуш,
Сол совнаха кхин декьашхо а йоцуш...
– Со реза ву.
Хьо йоцчун цхьаннан а хир вац со.
ЧIагIо йо ас:
Дуй – дела хьуна!
Дуй – деца хьуна!
Дуй – Даьхане!
Делаца,
Даьханех дуй бии ас хьуна
– Аса а бии хьуна иштта дуй!
Урдонна хIун дуьллу вайшимма?
– Урдонна хIорамма а вукхунна
Сийлахь-цIена,
Сийлахь-сирла,
Нурдогу-боккха
Безам буьллу.
– Со реза ю...
Сох хьуна оьшучулла малх хир бу,
Сох хьуна оьшучулла мох хир бу,
Сох хьуна оьшучулла
Хьагвелча мала
Шовда хир ду.
ХIор сарахь шовданан хица
Ас хьан когаш буьлур бу,
Когаш билина хи,
ТIадам дIа-схьа ца болуьйтуш.
Айса дIамуьйлур ду...
Сайн коьртаря бора кIажарш хьоькхуш,
Хьан когаш бакъор бу.
– Сох хьуна оьшучулла
Беттаса хир ду,
Сох хьуна оьшучулла
Стиглара догIу догIа хир ду,
Сох хьуна даиманна
ТIетовжа тешаме гIортор хир ю...
Лс хIора Iуьйранна хьан
Нурдогу йоьхь, накха буьлур бу,
Хьан йоьхь, накха билина хи
Гуттар айса дIамер ду.
Хьайн хазчу дегIа тIехь
Нур Iенош богу и сирла кхо малх,
Ас: «Тоийта!» – аллалца,
Суна багабелахь.
Серло-нур совдаккхий,
Со бIарз ма велахь.
– Сох хьуна
Ялсаманан аре хир ю,
Лакха кхевдича, хьан динна
Мала шийла шовда а долуш,
Лаха кхевдича, Iаббалца даа
|
Мерза моз а долуш...
Цу ялсаманан арахь
ГIелвелча хьуна тIетовжа,
Горга ши лам а болуш,
Шина ламанна юккъехь
Шера тогIи а йолуш,
Мацбелла хьан дин бажа...
Сох хьуна шера аре хир ю...
Сох хьуна беркате латта хир ду,
Сох хьуна шийла цIенкъа хир ю,
Сох хьуна бовха кхерч хир бу
Сох хьуна чам мерза кхача хир бу,
Сох хьуна тешаме тхов хир бу,
Хьан дегIана, сина ца товш йолу
Стиглара йогIу ткъов сецош.
– Сох хьуна дерриг цIийнан къинош сайна тIе ийдеш
тешаме цIенкъа хир ю,
Лаьттара гIуьтту гIайгIа сецош,
Стиглара юссу ткъов чухудуш...
Сох хьуна ЦIа хир ду, сох хьуна кхерчахь йогу
ЦIе хир ю... Сох хьуна ЦIенана – ЦIеран Нана – хир ю!..
– Сох хьуна хьан цIергахь дага дечиг хир ду,
Сох хьуна ЦIийнан Да хир ву...
Сох хьуна даьккхина тур хир ду...
– Сох хьуна хьан туьран ботт хир ю...
Сох хьуна хьан туьрана уллохь тешаме турс хир ю...
Сох хьуна хьан белшех хьерча Iаьржа верта хир ду...
Сох хьуна хьан коьртах хьерча хьесан башлакх хир ю...
– Малхал хазчу хьан Йоьхьа тIе чорда чухта оллий ас,
Сайний бен хьо цхьанна а ца гайта?..
Хьо хазъелла, езаелла Маьлхан бIаьрг хьуна ца хилийта,
Беттан бIаьрг хьуна ца хилийта?
ХIан-хIа! ХIан-хIа! Ас хьан хазчу Йоьхьа тIе
Чорда чухта уллур яц, Iаламехь мел долу дийнат хьоьга,
Хьегарца хьежийта,
Малх-Бутт-ГIарол хьоьга, хьоьгуш, хьежийта –
Уьш дерриш а хьан хазаллехь хаза хилийта...
Уьш дерриш а хьан сийлаллехь сийлахь хилийта...
Уьш дерриш а хьан цIеналлехь цIена хилийта!
ЙоI – Йоьхь! ЙоI – Эхь! ЙоI — Яхь!
Дуьне а, Iалам а хьайн дуьхьа кхоьллина йолу хьо!
Маьлхан Малх! Беттан Бутт!
Дуьненан Iаламат!
Iаламан Iаламат!
|
Лаьттара гIуьтту гIайгIа сецош...
– Ас хьуна
Безамах дина моз даор ду,
Ас хьуна мазах бина безам баор бу,
Ас хьуна марзонах бина безам мийлор бу.
Ас хьуна безамах йина марзо мийлор ю,
Ас хьуна безамах дина чагIар мийлор ду,
Ас хьуна чагIарах бина безам мийлор бу,
Ас хьуна безамах йина сискал яор ю,
Ас хьуна сискалах бина безам баор бу...
Ас хьуна вайшиннан безамех дина
Бераш лур ду!..
– Ас хьуна, дуьненна, махкана, халкъана
Безамах боьттина оьзда нах лур бу!
Ас хьуна, дуьненна, махкана, халкъана
Безамах боьттина
Къонахий лур бу!
– Сан малх!
Сан нур!
Сан Дела!
Сан са!
Сан мотт!
Сан дог!
Сан безам!
Сийлахь а,
Боккха а,
ЦIена а,
Сирла а,
Кхачалур боцуш а
Сан безам!
Соьга хьежа,
Со ваго,
Со вахо,
Хьайх хьога латтош,
Вехначура
Васта ца волуьйтуш,
Со латто кийча хилахьа!
Ас: «Тоийта!» – аьлча,
Шен совъяьлла йовхо
Малхо юхауззург,
Ас: «Тоийта!» – аьлча,
Стиглара догIу догIа
ГIелдийрриг,
Ас: «Тоийта!» – аьлча,
Iаьнан шийла гIура
Ясталурриг
ЦIена а, хаза а хилахьа!
Хьо – сан син кхача;
Сан Iожаллина дарба!
Хьайн хазчу бIаьргийн
Цадовчу нуьрца
Со вагавехьа,
Хьайн дегIаха долучу
Шийлачу шовданца,
Васта ца волуьйтуш, со
Вахавай латтавехьа!
Маттах духдуьйлучу
Чам мерэачу муттанца,
Ваха ца кIордош,
Со вахавехьа!
Хьо – сан хастамийн а
Хастам!
Хьо – сан сийлаллин а
Сийлалла!
Хьо – сан цIеналлин а
ЦIеналла!
Хьо – сан хазаллин а
Хазалла!
Хьо – сан кураллин а
Куралла!..
Хьайн хзэалла тIеяржийча,
Берриг дуьненан мехкарий
Хазбалла
Нур-Хаза хьо!
Хьайн оьздалла тIеяржийча,
Берриг дуьненан мехкарий
|
Оьзда балла
Оьзда йолу хьо!
Хьайн нур-серло тIеяржийча,
Дуьненан гIайгIанаш
ДIасаяржаялла
Нур-сирла хьо!
– Дадий, акхадала вайша?!
Экханан бен лар йоцчу,
Олхазаран бен гIар йоцчу
Ша-ломан коьрта далий,
Деле дашо догIа деха вайша,
ХIоьттинехь, дуьненчуьра
Йокъа дIаяккха?..
– Со лекха лам хилла соцур ву
Хьуна тIехула...
– Сох шера аре хир ю
Хьуна кIелахь...
– Со стигла хилла соцур ву
Хьуна тIехула...
– Сох беркате латта хир ду
Хьуна кIелахь...
– Ахь, хьо дела-йоI хилла,
Iаламо хьайн дегIана мухар тухуш хIоттийна
ЦIеста неIарш гойтур ю
Суна,
Стигланна!
Дашо догIа-хIу
Ас дIахоьцур ду,
Хьан дела хилла...
Сан дела-йоI,
Ахь дIаоьцур ду,
Хьайх латта хилла...
Хьайн дегIаца магийна,
Къобалдина,
Хьаьстина,
Хастийна,
Тодина,
Къардина,
Пхардина,
Дендина,
Хьайн дагах даьккхина,
Деган цуьрг кийра диллина,
Хьайн доIахах даьккхина,
ДоIахан цуьрг кийра диллина,
Хьайн сих даьккхина
Син цуьрг кийра диллина,
Лийсина,
Кхийсина,
Дендина
Дуьнен чу адам арадаккха,
Комаьрша а,
Къинхетаме а,
Оьзда а,
Хаза а,
Могуш а,
Маьрша а,
Машаре а!..
Акхарой,
Олхазарш,
Сагалматаш
Шега хьовса эххал...
Схьакхета богIуш а,
ДIабуза боьдуш а,
Малх,
Бутт,
Седарчий
Шайн некъех хедда,
Сеццал...
– Со реза ю!
– Со а ву реза!..
Делахь хIета ле вайша,
Делла дIа а ца долуш,
Юха а, юха а ден а луш,
Дерриг Iаламна хьалххахь,
Адамашна,
Акхарошна,
Олхазаршна гуччохь?!
Дерриг жил-Iалам,
Дерриг ламанан Iавдалаш,
Жинаш,
Адамаш,
Лаьмнаш
Вайшиъ леш тоьшаллехь а долуш?!
Лиэ вайша,
Делла дIа а ца долуш,
Юха а ден а луш,
Ваьшшинца цхьаьна
Кхин цхьа са а дендеш,
...Дуьненна стаг кхолла...
– Хьо – сан дела – йоI!
– Хьо – сан дела – да!
Сан долахо – да!
Сан дела – да!
– Тховса – къайле Лаьтта юссу буьйса...
Тховса – дика дош лаьтта дуссу буьйса!
Вайшинна новкъа бац
Вайшиннан къайлене хьовса
Гулбелла нах!
Вайшинна новкъа дац
Акхарой а,
Олхазарш а,
Вайшиъ гуш долу
Стигла а,
Латта а,
Лекха лаьмнаш а,
Ламанан Iавдалаш а...
Уьш берриш а
Вайшиннан цIеналлин тешаш хир бу,
Вайшиннан хазаллин тешаш хир бу,
Тешашна Iаламан Iаламаташ гур ду...
Дуьненна цIеста неIарш схьайоьллуш,
ДогIа даьккхина, тевна диллина, мухар тухуш.
– Со хIинца
Кериста а вац,
Со хIинца
Бусулба а вац,
Со Iеса ву.
Со хIинца сайна луъург
Дела харжа йиш йолуш ву.
Хьо ю сан дела!
Со хьан дела ву,
Хьуна уллохь,
Хьан дегIах,
Хьан сих дIахьаьрчина...
Амма со
Кемсийн таьллинг яц —
Со безаман таьллинг ю,
Хьох дIахьаьрчина,
Хьох вуцавелла,
Хьан дегIаца, сица гулвелла,
Хьабавелла,
Горгвелла,
Гоьрга-дела Хилла,
ДIахецавала сихвелла,
Варжа дуьне ма-дду!
Хьо дуьне а лоруш,
Хьуна чуваржа!
Хьан дегIах,
Хьан цIийх,
Хьан сих
ДIакхета,
ДIаэн
Сихвелла,
Марсаваьлла,
Карзахваьлла,
Кхерстина,
Керстдина!
Сайн накха хьан некхах дIатоха
Сихвелла.
Хьан сих сайн са дIатоха
Сихвелла.
Сайн дог хьан дагах дIатоха
Сихвелла.
Сайн цIий хьан цIийх дIатоха
Сихвелла.
Хьо – сан Дела-йоI!
Хьо – сан Маьлха-Аьзни!
Хьо – сан Дийка-Дела-йоI
Хьо – сан Мехкан-Нана!
Вайшимма ваьшшиннан
Дегнаш,
Синош,
Накхош,
ДогIмаш,
Хьенаш,
Хенаш вовшех а тоьхна,
Кхин цхьа Са-ДегI кхуллур ду!
Вайшимма
Дуьненна стаг кхуллур ву!..
Ницкъ ца кхачахь,
Вайшимма илли кхуллур ду,
Дуьнен чохь хилла доцу,
Дуьнен чохь хезна доцу,
Дуьне кхала,
Дуьне хаздан ницкъ болу – илли!
Дерриг адамаш, юьхьIаьржо дIайоккхуш,
ЮьхькIайчу хIоттош – илли!
Телхинарш кхетамчу балош – илли!
Мецанаш бузош, хьогахнаш бахош,
Ирчанаш хазбеш, осалнаш оьзда беш – илли;
Цхьамма малх лачкъабахь, малхана метта
Дуьне дохдан, серладаккха – илли!
Дуьнен чохь маршой, машаррий дIахIоттош – илли!
Iазапан буржалш хедош, паргIатонан илли!
Эрчо дуьненчуьра эккхош, оьздалла тIейоьхуш – илли!
Вайн латта дохдеш – илли!
– ХIан-хIа! ХIан-хIа!
Вайшимма и ахь дуьйцу илли
Шен даг чохь а долуш,
И илли чохь дог шен кийрахь а долуш
Илланча кхолла веза.
ТIаккха цо ша кхуллур ду
Вониг дагош,
Дуьне къагош долу илли.
Нуьраххий,
ЦIараххий,
Малхаххий,
Беттасаххий,
Лаьттаххий,
Стигланаххий,
Седарчеххий Илли!
Цуо даздийр ду
Адамаш – диканиш,
Ойланаш – хазаниш,
ГIуллакхаш — беркатениш,
Комаьршаниш,
ЦIенаниш...
КIентий – оьзданиш,
Яхьах буьзнарш.
Мехкарий — цIенаниш.
ЙоIана – йоьхь лур ю,
Нуьре,
ЦIена,
Оьзда,
Хаза.
КIантана дог лур ду,
Яхьах дуьзна,
Комаьрша,
Майра.
Кхерч, ЦIа, ИоI, Даймохк къевссина
Вала кийча волуш,
Ша винчу нанна хьалха бен,
Езачу йоIана хьалха бен,
Гор ца хIуттуш, кIант!
– Букъ дIатохий,
Къайладаккха латта!
Дерриг латта
Хьайн букъ тIехь
Айдай, латта!
ХIай Хьо сан беркате,
Комаьрша Латта!
ЦIеста неIарш
ДIаелла суна,
Iаламо хьайна делла
Iаламаташ гайтий,
МухIар дохош, хьайн хIоьа чу
Хазна дIаэций,
Чу са диллий,
Дендай
Ахь дуьненчу даккха.
Дуьненна стаг хир ву тIаккха.
Суна гуш хьо бен
Кхин Дуьне дац.
Суна гуш
Малхал хаза йолу
Хьан йоьхь бен
Кхин малх бац.
Ас хьуна
Ерриг стигла
Къайлайоккху,
Ас ерриг стигла
Сайн букъа тIе йоккху,
Сайний бен
Стигланна хьо ца гайта.
Эхьан кирхьа,
Кхоссий,
Генадаккха –
ДIагайта хьо
Хьо ган хьаьгначарна!
ВорхIе а стигла сайца йолуш,
БархIе а лаьттана
Со чуваьржар ву.
ВорхIе а стигланан
Йозаллица
Со хьуна тIеваьржар ву.
ВорхIе а стигла,
БархIе а латта
Дегалур ду...
Уьш вайшимма дегор ду,
Уьш вайшимма лестор ду.
Безам хир бу
Стигланаш лестош,
Безам хир бу
Латтанаш дегош;
Безам хир бу
Дуьненна стаг вуттуш!
Безам хир бу
Дуьненна къонах кхуллуш!
Оцу хенахь яьхьар ма яц
Iожалла вайшинна гергагIорта —
Давийна чIирхо велахь,
Иза а вухавер ву, суна тIеIотталахь,
Ден чIир ца лоьхуш...
Дийнахь – малх а,
Буьйсанна – беттаса а
Вайшинна гIаролехь соцур ду...
Хьоьга, хьегарца хьоьжуш,
Даг чохь ямартло а йоцуш,
Даг чохь дерг йоьхьа тIехь а долуш,
Иоьхьа тIехь дерг бен даг чохь а доцуш,
Деши дош а долуш,
Дош дешин а долуш,
Дош дуйнал чIогIа а, сецна а долуш,
Лам хаьрцича а хаьрцар а воцуш,
Стигла, кеглуш, тIейилхича а,
Вухур а воцуш – кIант!
КIант-Гор!
Гор-кIант-я!
Сет гIаттахь, Сетана дуьхьалхIотта а,
Иза вожон а волу Гор,
Нана Изида а йолуш,
Да Озирис а волуш!
Гор-КIант-яI-кха!
«Сет дуьхьал волда хьуна!»
Сет дуьхьал вахь а, Гор тоьлур ву!
Дуьнанан Дажал гIаттахь,
Иза йожо ерг а Гор хир ву.
Гор ца вахь, хуьлда иза
Арей (Арес) – ТIеман дела!
Вайн дайша сужда динарг,
Вайн дайша дозалла динарг:
«Арс-Вай! Арс-Тох!»
МостагIашца тIом болалуш,
Тарсех тарраш а детташ,
Аресан кIенташа, вайнаха,
Мехк + Арейша хелхар дийр ду,
Мехк +Аршца – тIеман деланашца!
ЙоI яхь а мегар ду вайшимма-м –
ЙоI— Йоьхь!
Мехкан Эхь!
Мехкан Яхь!
ЙоI! Дуккха а йоIарий –
Мехк +Арий!
Мехкан Арейш!
Мехк Арей цIий!
Мехкарий –
Мехкан сийлалла!
Мехкарий –
Мехкан оьздалла!
Мехкарий –
Мехкан куралла!
Мехкарий –
Мехкан яхь! –
Мехкарий –
Мехкан – Эхь!
Мехкарий –
Мехкан йоьхь!
Уггар а доккха зовкх –
Хьовсуш мехкарий а болуш,
Даймехкан мостагIех латар!
Уггар а доккха совгIат –
Даймехкан паргIатонан дуьхьа хилла
Цависсал хала чевнаш мехкарша дIаехкар!
– Со Онан вац, эрна хIу дIакхийса,
Дала шена наьIалт аьлларг!
Ахь сан хIуна йокъа ма хIоттаелахь,
Малхо ягийна Саьхьар-Аре хилий...
– Сох хир яц хьан хIуна
Саьхьар-Аре...
Ас Хьуна,
Дуьне кхин а тиш далале,
Дуьне кхин а эрчадалале,
Тишделла дуьне
ЦIиндан,
Бехделла дуьне
ЦIандан,
Иэрчадаьлла дуьне
Хаздан
Ширделла дуьне
Карладаккха,
Дуьненна стаг кхуллур ву!
Хилда иза йоI,
Массара а Гор-йоI! шех эрриг!
Я Арес-Арей – тIеман дела,
Я Пхьармат, цхьамма дуьненчуьра
ЦIе дIаяйахь, Селин кхерчара цIе яхьар волу...
Ас хIоранна шуна,
Мехкарий,
«Малика» цIе туьллур яра
Шу, тIемаш тIедахка дела вицвелла,
Ялсамане чуьра лаьтта диссарна,
Дерриг а –
Маликаш!
ХIора а – Дела-ИоI!
Массо а – Дела-Мехкарий!
Шун хазаллехь
Дахар хаза хилийта,
Шун оьздаллехь
Дахар оьзда хилийта,
Шун сийлаллехь
Дахар сийлахь хилийтар,
Шун цIеналлехь
Дахар цIена хилийта!
Шу – хазаллел а,
оьздаллел а,
сийлаллел а,
дикаллел а,
ц!еналлел а
Лакхахь берш!
Хьо – берриг а
Хастамел лакхахь ерг!
–Мила ву и хьан
Механ Iаь кхетаза долу
ГIургIезан ши хIоа
Хьадинарг?!
Мила ву хьан
Iаламо чIагIонна тоьхна мухIар
Меттахдаьккхинарг?!
Мила ву и хьан
Безаман марзонаша лахийна,
Дахийна, хьаьгна, даьгна
Маьлхан шурех дина ши балда
Меттахдаьккхинарг?
Хьо вуй иза?
Лаьтта воьссина,
Айхьа кхоьллинчу хьайн хазаллех
Хьо цец-инзарваьлларг,
Сикстинан Мадонех инзарваьлла,
Ламазна шен кхоьлламна хьалха
Горавахана Рафаэль санна...
Хьайн Iаламел тIехйолчу,
Хьайн Iаламател совйолчу
Хазаллехь – оьздаллехь
Хьайн похIмал,
Хьайн барамел – бустамал
Совъялла
Хазалла ган лаьтта воьссинарг...
Хьо вуй иза
КIайчу кхокханан суьртехь,
Габраил хилла,
Дикачу хабарца,
Хьайн стиглан Iарш Iатесна
Лаьтта воьссинарг?
Зухрана,
Марьямна,
Маьлха-Аьзнина,
Дийка-Дела-ЙоIана,
Чета хьаьжнарг?
Чета хьаьжча,
БIагор беъна,
Чета воьжнарг?
Кхо Малх хилла –
Сийлахь Кхоьне –
Кхо ах хилла,
Векъавелла,
ДегIах,
Некхах
Хьаьрчаш,
Кхерсташ,
Малх-Бутт хилла.
Шина пхьуьйшахула
Векъавелла,
Лаьтта воьжнарг?
Кхоьнех
Къаьсташ, керстдеш,
Хьан сийлахь са – Нуьре аса,
Хаьштиг хилла,
ГIаш юккъехула
Кхерсташ кхетта,
МухIар достуш,
Кийравоьжнарг,
Хьо варий иза?
Хьайгара ницкъ
Цо дIаэцна,
Воьхна,
Цунна хьалха
Гора воьжнарг,
Хьо вуй иза?
Со кхоьллинарг,
Тхо кхоьллинарг,
Дуьне-Iалам,
Iаламаташ,
йохь кхоьллинарг,
Хьо вуй иза?
Цец ма дийла!
Иза вара
Ша кхоьллинчу
ЙоIана хьалха
Гора воьжнарг,
Иза къарйинарг,
Ша хIоттийна
МухIар дохош,
Иза пхарйинарг
Иза вара...
Цец ма дийла!
Вай цецдийллал
Доккха долчух,
Вай цецдийллал
Сийлахь долчух
Цецдийла шу!..
***
– Кху дуьнен чохь
Хьол тоьлуш къонах вац-кх,
Ша хьоьца нийсса вацахь! –
Элира зудчо шен майрачуьнга.
… Цхьа хан яьлча:
Кху дуьнен чохь
Хьоьга далур а доцуш
Цхьа а хIума дац-кх! –
Элира зудчо шен майрачуьнга...
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо вуьззина къонах ву! –
Элира зудчо шен майрачуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Къонах вац хьо?! –
Элира зудчо шен майрачуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо къонах ву?! – цаяшаршца
Элира зудчо шен майрачуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо-м къонах вацара, –
Элира зудчо шен майрачуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо-м стаг вацара. –
Элира зудчо шен майрачуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо-м стаг яцара. –
Элира зудчо шен майрачуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Ватта,-а-а-а, сан дела, къонахий стенга баха-а-а-а?! –
Элира зудчо, цецъяьлла, гонах а хьаьжна.
– Кху дуьнен чохь
Хьол цIена а,
Хьол оьзда а,
Хьол хаза а
Зуда яц-кх,
Ша хьоьца нийсса яцахь! –
Элира майрачо шен зудчуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
— Кху дуьнен чохь
Хьоьга далур а доцуш
Цхьа а
Хаза а,
Беркате а,
Оьзда а,
ЦIена а хIума дац-кх! –
Элира майрачо шен зудчуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо юьззина зуда ю! –
Элира майрачо шен зудчуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Кху дуьнен чохь
Ахь лелор а доцуш,
Цхьа а хГума дац-кх! –
Элира майрачо шен зудчуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Зуда яц хьо?! –
Элира майрачо шен зудчуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо зуда ю?! –
Элира майрачо шен зудчуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Хьо-м зуда бацара. –
Элира майрачо шен зудчуьига.
...Цхьа хан яьлча:
– Боьха хIума ю-кх хьо. –
Элира майрачо шен зудчуьнга.
...Цхьа хан яьлча:
– Массо а зуда
Бехъелла дIаяьлла-кх!
Вайна хIун хуьлуш лаьтта техь?! –
Цецваьлла, гонах хьаьжира къонах...
Иштта ду-кх дахар...
Иштта ду-кх Iалам а,
Адам а:
Бехдан гIоьртича, бех а ло,
ЦIандан гIоьртича, цIан а ло;
Лакхадаккха гIоьртича,
Сий хуьлий,
Даржехь дазлой,
Лакха а долу;
Лахадаккха гIоьртича,
Сий а дой,
Даржехь дай а лой,
Лаха а долу.
***
– Оффай, мама, со цIахь воцуш,
Мел дукха гIирс эцна ахь?!
Дерриг деший схьагулдийр ду,
Ахь болх иштта чIогIа бахь!
Мама, алахь, хIун болх бина,
ХIун говзалла ю хьоьгахь?
Соьга гуллур дуй-те оццул,
Ахь санна, ас къахьегахь?
Мама, мама, папас эцна-м
Нийсса ах гIирс хир ма буй?!
– Бу хьан папин хечин айла,
Эцна бац цо цхьа а нуй!..
Дерриг хьуна гулдан гIерташ,
Цхьацца белхаш бина ас...
Хийла хьаькамашца бертахь
Къаьркъа дагийна хьан дас...
..Хьан дех тешна Iийнехьара,
Хир вацара суна хьо а...
Хьо ван гIерташ мел къахьегна,
Хьо сан кIорни – гIезан хIоа...
– Мама! Мама! Ахь х!ун дуьйцу,
Сан дех ца вина ахь со?!
– Ха-ха! Хо-хо! Хьан дех вина?
Хьан дех иштта к!ентий бо?!
– Иштта делахь, эшац суна
Хьан хьал, деши, сен маIаш!..
– Фи!.. Ца эшахь, дена тIаьххьий
ДIагIо хьайна, кхин ца Iаш!
«Дай хуьлий, ткъа, спиртах баьгнарш?!
И тайпа «дай» шортта бу...
Хьо ван гIерташ, мел къахьегна?
Ткъа, баркалла муха ду?!..
Эзар да ву, нана – цхьаъ ю...
ХIинца иштта ду закон!
Цхьа «да» воцуш хьо ца магахь,
Иди, свищи! Выйди вон!..
* * *
ЙоI дуьненчу йогIу
Зуда хила.
Зуда хилла яьлча,
Нана хила,
Шен бер шен некхах дакхош,
Шен бер шен некхаца дохдеш
Кхио,
Лаьтто диттана ма-даллара,
Шен дегIах даьккхина мутта,
Шен сиха даьккхииа са дIадала.
Ша кхиийнчу йоIах ЙоI ян
Доьзална, халкъана,
Махкана, дуьненна;
Ша кхиийнчу кIантах
КIант ван
Доьзална, халкъана,
Махкана, дуьненна... Да-Эла –
Дела!
Са-Эла –
Села!
Доьзалан дегI – Да!
Доьзалан Са – Нана!
Доьзал – Дозалла!..
ГIала ваха новкъаволуш,
Дас доьзале хоьтту
– ХIун совг!аташ да ас шуна?..
Яздел, шаьшна хеттарг...
...Оьшург, мел цаоьшург яздеш,
Йоккха список хIоттий...
И совгIаташ дахьаш хилахь,
Еза машен йотта...
– Хьуна хIун совгIат да ас, Зуда? –
Зудче хаьтти тIаккха –
Цунна мел оьшург схьадахьахь,
Деза вагон яккха...
— Нана! Хьуна а дахьар ду ас
СовгIат дезчех гIалахь! –
– КIант, хьол деза совгIат дац сан,
Суна хьо цIа валахь…
***
– Хьан хазаллехь хаза ву со.
– Хьан цIеналлехь цIена ю со.
– Хьан оьздаллехь оьзда ву со.
– Хьан дикаллехь дика ю со.
– Хьан сийлаллехь сийлахь ву со.
– Хьан хастаман декъахь ю со.
– Хьо сайн хиларх кура ву со.
– Хьан кураллехь кура ю со.
***
* * *
Дош-м дац дош доцург,
ГIуллакх-м дац цIена доцург!
ЦIаро-м деши а лаладо.
Дашо-м дегнаш а лаладо.
Деши а дош дац, цIена дацахь...
Дош а деши дац, цIена дацахь...
Леш ю нIаьвлаш,
Леш ду кхокхарчий,
Леш ду хIорда чуьра кит-чIерий,
Леш ду аьрзош, лекъаш, мошарчий,
Леш ду цхьогалш, цIоькъаш —
Уьш дехкаша дойуш ду,
Унтоьхначу,
Уьнах йинчу худургаша дойуш ду.
Леш ду хиш, шовданаш, дитташ леш ду...
Леш ду адамаш,
Леш ю ярташ...
Елла ярташ,
Ялийтина, яйина...
Садукъдина дуьйш ду Iалам...
Садукъдина дуьйш ду Iалам...
Адамалла! Орцахдала!
***
– Хьо хIун деш йоллу?!
– Ца го хьуна?
Тховн херонашкара а
Схьа а дохуш, хьозарчийн, чIегардигийн баннаш
Кел-Кертал аракхуьссуш ю-кх!
КIордийна суна хIокхарна тIаьхьара
УьйтIахь нуй хьекха!
Ишта а боьхачу хIавао садукъдина дойуш ду
– Ва! Ахь хIун дуьйцу?
Делах ца кхоьру хьо, мотт ца хуучу олхазаршца
Иштта къиза хила?!
Хьуна хIун зен до цара?
– Котамашна дIатесина ялта дуу, уьйтIе бехйо...
Дела хIинца къанвелла, пенсе вахана...
Цунна гуш а, цунна хезаш а хIумма а дац...
– Къа ца хета хьуна? Ца го хьуна, вортош а сеттош,
ТIехь чо а балаза йолу и кIорнеш новкъахь керчаш?
– Ца хета суна къа. Къа хIинца дан а дац...
Къа а, къинхетам а вай, цIогана кIел мийра а тоьхна,
Генна дIакхоьссина.
Къа сан ду, хIор дийнахь царна тIаьхьара
Нуй хьекха безаш йолчу...
Сан уьйтIара асфальт а, мраморан экъа а бехйо.
– ХIинццалц дагадеанерий хьуна
иштта къизалла гайта?
Эхь дац т!аккха иштта дог доцуш хилар?!
Новкъахь Iуьллу хьозарчийн,
чIег!ардигийн баннех хилла
ЦIов, царна юкъехь цIийзаш, екаш кIорнеш?!
– ХIинццалц суна хIар тайпа гIуллакх дагадеана дац.
Вайн заманахь дага ца догIуш хIун дисина?!
– Хьо зуда телхина ю...
–Массо а телхина, со а телхина...
Дерриг а дуьне а, дерриг адамаш а телхинчу хенахь
Цателхаш виса а дац атта!..
– Мел атта дацарх а, стаг талха ца веза!
Стаг дуьнен чу талха ца вогIу. Телхинарг тодан а,
Телхинарг тован а вогIу...
– Ахь тавехьа телхинарг! Дуккха а болх бу хьуна...
Телхина гIуллакхаш а таде, тадина вер а вац хьо!
Ас табийр бу телхинарш! Ас тадийр ду телхина гIуллакхаш а!
– ХIей нах!
Шуна эхь хета а хетий?!
– Тхуна х!унда хета деза эхь?!
Эхь д!адаьлла дуккха хан ю...
–ХIан-хIа! Бакъдац!
Эхь дIа ца даьлла,
ДIадала йиш а яц...
Йиш яц «ЦIен Книга» дебон,
Эхь, Яхь, Оьздалла, Комаршо,
Къинхетам
ДIадовла йиш яц!
Син кхача бу иза,
ДегIан кхача сискал-туьхий санна!
Исс ламанал тIехьа девлла,
Уьш дIадоьлхуш делахь а,
ТIаьхьа кхайкха,
Цаьрга мохь тоха,
Яхь йолуш,
Оьздалла йолуш,
Къинхетам болуш,
Комаршо йолуш
Цхьа стаг хилахь а,
Дуьненан цхьа стаг хилахь а,
Уьш дерриш а,
Цкъа севцина,
Цкъа ладоьгIна,
«Вайга кхойкхурий и
Дуьненан стаг?» – аьлла,
ДухадогIур ду,
Духадоьрзур ду...
ДIакъовла «ЦIен Книга!» –
Уьш цу тIе даха йиш яц!
Уьш «ЦIечу Книги» тIе яэдийр дац,
Дуьненчохь адам мел деха,
Дуьненчохь яхь йолуш
Цхьа къонаха мел ву,
Яхь дIаяла йиш яц.
Дуьнен чохь эхь долуш
Цхьа къонаха мел ву,
Эхь дIадала йиш яц!
Дуьненчохь оьздалла йолуш,
Цхьа къонах висахь а,
Оьздалла дIаяла йиш яц!
Дуьнен чохь
Комаршо йолуш
Цхьаъ бен къонах ца висахь а,
Комаршо дIаяла йиш яц!
Дуьнен чуьра дIаяха,
Исс ламанал тIехьъевлла,
ДIайоьлхуш елахь а,
Кьонаха тIаьхьа кхайкхича,
Уьш юхайогIур ю...
***
– ХIей нах!
Шуна нIаьвла ца гина?
– И хIун ю, нIаьвла?
Туьканахь ю иза, базарахь ю?
Муьлхачу базарахь?
Муьлхачу базехь?!
– Кооперативеххьий?!
Соьга эцалур яц, кооперативехь елахь...
ХIай, нах! Ас хоьттуш ерг нIаьвла ю, нIаьвла!
Ламанан наха хьалха, тохур хьалха ломург олура цунах…
Ас хоьттуш дерг хаза дека,
Эзар аз долу,
Эзар эшар йолу,
Эзар пиллиг долу олхазар ду...
Декаш, нийсса стигал хьаладолура,
ТIаккха, декаш, лаьтта дуссура...
Декара,
Доьлхура,
Доьлура...
Ца гина шуна?
Сан сагатдо...
Сан сахьийза...
Велххал чIогIа...
Валлал чIогIа сахьийза сан, нIаьвла екаш ца хезаш...
Ламароша ломург олура цунах... Со ломара ваьлла ву...
– Ломург? Импортни хеча-м яц иза?
Керла японски магнитофон-м яц иза?
— Яц! Яц! Яц!
Иза хаза дека олхазар ду,
КIуж а болуш, мокха олхазар...
Оьрсаша цунах жаворонок олу...
– ХIинца кхийти.
ХIинца дагадеа...
Дан а дара иштта олхазар.
Иза делла...
Иза далийтина...
Иза дийна...
Садукъдина дийна и миска илланча,
Эзар аз долу эшарча.
Эзарнаша олхазарша,
Акхароша,
Хьайбашана, дажа дIалаьхкинчу,
Адамаша – ладугIура...
Бежанаш дажа дуьйлалора,
Кхин долу олхазарш, шайн гIар-гIовгIа сацайой,
ЛадогIа дIатоьра...
– ОстогIпируллахI! Хьенех,
ХIара даьхний, хIара жа мел чIога дебна хьан?!
Кой – дуьмеш лаьттах а текхаш,
Дой – куралла-кочалла раз хелхарш а деш,
Хьелий – бацала шура а Iенош,
Стерчий – маIашца тархаш а херцош, бергашца
Бай тIера буц йошуш, оьрнаш а лоьлхуьйтуш,
Жен-жIаьлеш – тоьпах-туьрах а ца дешаш...
ХIар даьхний ас, дийнахь сарралца ломургаш а екаш,
Буса сахиллалца зарзар а декаш,
Ломургий, зарзаррий гIелделла тхьевсича, сайн четара
Схьакойккхий, шедаг а екош я елхош,
О|ьшучулла малх хьожучу басошкахь,
Оьшучулла догIа догIучу кортошкахь,
Цхьана агIор дIадахча, мала шийла шовда а долуш,
Вукху агIор дахча, яа сийна буц а йолуш долчу
Лаьмнашкахь кхаьбна...
Цундела ду сан жа а, даьхний а
Иштта дерстина, тоделла...
Цигахь – екаш ломург а, декаш зарзар-хьоза а долчохь,
Юкъ-юккъе ас локхуш шедаг а йолчохь – борз дага ца йогIура,
Берзан угIар, цхьогалан летар ца хезара,
ЧангIалкх йоьлхуш а ца хезара...
– Хьо а ма ву чIогIа тавелла, цIинвелла?!
Ас айса даьхнашка садаIийта а, буьйсанна сахиллалц
Ломурге а, зарзар-хьозане а ла дегIна;
уьш, гIелделла, набарна дIатийча,
Ас айса даьхнашка садаIийта а,
Сайн сямукъадаккха а шедаг елхийна, елийна...
Юкъа-кара, сайна езаш йолу йоI йолчу воьдий,
Цунах баьрг тухий, воьрзура...
Iалам бехдаларна тIаьххье
Синош бехдаларе кхечи...
Адаман Iаламе,
Адаман кхетаме хаьттича,
Iаламан кхетаме хаьттича,
Адамах,
Адамаллех дагадевлла,
Iаламах,
Iаламан Iаламатех дагадевлла,
ТIехьа духахьаьвсича,
Вайна карор яра зингатийн тIуьйлиг
Дуккха а кхетаме,
Дуккха а хьекале.
Эзарнаш заводаша дIовш стигла хоьцу.
Эзарнаш машенаша кIур хIаваах иэбо...
Хиш чуьра чIерий,
Хьуьнахара, аренан акхарой,
Стиглара олхазарш,
Лаьттара адамаш,
Маьхьаршца орца а дохуш,
Кхойкхуш ду
Президенташка,
Паччахьашка,
Iилманчашка,
Парламенташка –
Тхо ма дайа!
Тхо ма дайа!
Тхо дахийта!
КIайн делахь а,
Можа делахь а,
Iаьржа делахь –
Тхо дуьненан адамаш ду!
Тхо дуьненан акхарой ду!
Тхо дуьненан олхазарш ду!
Тхо дуьненан дийнаташ ду!
Тхуна оьшург –
Iаламо ша
Делла
ЦIена хIаваъ,
Сискал-туьха,
Сина маршо,
ДегIана паргIато,
ЦIена хи...
Уьш тхоьгара дIа ма даха!
Тхо а санна, нана-Iаламо
Тхуна кхоьллина,
Тхо дахийта,
Ша а даха...
Дуьне дохале,
Дуьне эккхале,
Цкъа, цхьана маьIаргонна.
Совций,
Ойлае вай!
Ойла ейша!
Шу – ницкъбериш,
Шу – деланаш,
Шу – паччахьаш,
Парламентераш,
Президенташ,
Iилманчаш!
...Кху дуьненан овгална тIехь
Чов-даI доцуш цхьа меттиг яц..
Кху дуьненан овгална тIехь
Сан ца лозуш меттиг ма яц!
Бохамашший, бохорашший...
Лазарш, ун, маццала, къелла...
Сингаттамаш, гIайгIанаш...
Сан лозуш ю Африка,
Сан лозуш ю АвгIан,
Сан лозуш ю Иран,
Сан лозуш ю Ирак,
Палестина лозу сан,
Сан лозу Байкал,
ХIаллакйина вайнехан
Ярташ лозу сан!..
***
Лор, дарбанча,
Хьо стенах цецвуьйлу?
Эрна ду ахь сан кийрахь дог лехар.
Сан кийрахь «гурт» дийриг Дог дац –
Иза тоххар цкъа дог хилларг ду...
Сан кийрахь, мохь-орца дохуш,
Детталуш дерг
Дагах хилла
Дуьне ду...
Хьажал,
ЛадогIал, лерг диллий:
Хезий хьуна цо ден «гурт»,
Шен цIийх къурдаш деш,
Лен къурдаш деш!..
Шен цIийлахь керчаш, –
Дуьненан лазаршца,
Дуьненан гIайгIанашца,
Дуьненан сингаттамашца,
Баланашца,
Iазапашца,
ДаьIнашца, чевнашаа цхьаьна,
Дерриш уьш шен цIийца цхьаьна,
Шена чухула чекхдохуш...
Гинарг – цхьа дика,
Эзар вон!
Гинарг – цхьа зовкх,
Эзар лазар, бала, Iазап!
Хьовса вай,
Массо а гул а лой, Ирс хьун ю,
Иза маца хуьлу,
Иза мичхьа ду, мичхьара ду, мичара схьадаьлла…
Баьхначаьрга,
Бехачаьрга хоьтту ас...
Ирсе хилларш –
Цхьана маьIIаргонна.
Цхьана минотана,
Цхьана шарна я шерашна,
Ерриг а кхин дIайолчу ханна,
Дакъаза хилларш,
Iазап хьегнарш...
Вахархьама ваца дезнарг!
Хьо ву и ирсе хилларг?
Хьо – лай санна, ваьцнарг...
Хьо – эла,
Хьо – дела,
Хьо – паччахь,
Президент,
Хьо – хIумма а йоцург,
Хьо – чуьркан тIеммал а воцург,
ХIуп аьлча, кхоьссина, генаяккхал бен йоцу хIума!
Хьо – дуьненан да,
Хьо – дуьненан дела,
Хьо – дуьненан эла,
Хьоьга далур а доцуш
ХIумма а дац,
Хьоьга далур долуш а
ХIумма а дац!
Хьан ирс хьан карахь ду-кх:
Хьуна оьшург – цIена хий, бепиггий, туьхий;
Хьуна оьшург — цIена хIаваъий, машаррий, сина маршой!..
Дукха а дац и оьшуш дерш...
Лаахь, ваха, ирсе хилий,
Машарца,
Маьрша,
Токх!
Лаахь, лей, дIавала...
Хьоьгахь ду-кх дерриг а...
ХIай хьо – ницкъкхочург!
ХIай хьо – ницкъбоцург!
Iалам бехдалар-м гина а, лайна а даьллера,
Синош бехдалар ду-кх ган а, лан а хала!
ЦIанлурий техь вайга Iалам?
ЦIанлурий техь вайга вешан синош?
Вешаниш а,
Кхана тIебогIучийн а?!
Iаламо дегIана кхоьллина кхача
Бехбелла баьлла.
Йиъначух ун а хуьлуш,
Меллачух д!овш а долуш...
Бехделла Iалам цIандан.
Сан ницкъ ца кхочу...
Со велча а –
Вай массо а цхьаьна ца лахь...
Со иккхича а –
Вай массо а цхьаьна ца эккхахь...
Со вилхича а –
Вай массо а цхьаьна ца велхахь...
***
Соьгахь бехделла синош цIандан рецепт ю,
Ахь а, оцо а, дIогарчо а дIаэцахь:
Безам – дог дуьззина,
Къинхетам – дог дуьззина, тIех а туьйсуш,
Оьздалла – иштта,
Тешам, комаршо...
ДоттагIалла, Вошалла, Къонахалла – кхачалур а доцуш…
Оцу кхачано хьан са даиманна а
ЦIена, сирла, маьрша, тешаме, къинхетаме,
Могуш
Латтор ду.
ДIаоьций аш сина кхача кечбан рецепт?
ТIаккха
Ахь а,
Ас а,
Оцо а кхиийнчарах хир бац
Наркоманаш,
Питанчаш,
Малончаш,
Дазадуурш,
Дезадуурш,
Дазадухурш,
Дезадухурш –
Веччалгаш.
ДIаоьций аш, нах, сан рецепт?
Вайн синошна оьшуш болчу кхачанан рецепт?
– Оьцу.
– Баркалла...
Вай цIанлур ду...
Вай цIена а, цIина а хир ду...
Вай доьлхучу Iалашоне дIакхочур ду...
Вай даккхийчу гIуллакхашна
Дуьненан къонахий кхуллур бу!
***
Со мацВЕЛЛА,
Со хьагВЕЛЛА,
Со шелВЕЛЛА,
Со гIелВЕЛЛА,
Со кIадВЕЛЛА,
Со кIайВЕЛЛА,
Со IаржВЕЛЛА,
Со... ВЕЛЛА...
Цхьа кIеззиг садаIийтийша веллачуьнга,
ДIа а ца вуллуш,
Цхьа кIеззиг а
Хийцам хилахьара,
Хийцина, юха дIахIуттуш хилахьара;
Со, денвелла, гIоттур вара,
Дуккха а ваха,
Сайн цавахар а дагалоцуш,
ТIаьхьадисинарг тIаьхьа а кхиадеш,
Дуккха а ваха,
Цкъа а ца вала,
Даима ваха!
Сан са мацделла,
Сан са хьагделла,
Сан са гIелделла,
Сан са делла...
Сан са дегIах дедда,
Сан са дегIах къаьстина,
Генадаьлла...
Жимма садаIийтийша!
Сан дегIа чу духа дан а мегара сан са...
Жимма СадаIийтийша...
Лор, дарбанча,
Хьо стенах цецвуьйлу?!
Эрна ду ахь сан некхехь дог лехар.
Сан дог, дакъанаш хилла, даьттIа. Сан дог, гаьргаш хилла, иккхина.
Сан дог, дешна, дIа ма даьлла...
Дуьненан цIергахь даьгна дIадаьлла,
Шех дерригенах лазар а хилла,
Шех дерригенах бала а хилла,
Шех гIайгIа хилла,
Шех дуьне хилла...
Сан некхехь и доккха, деза «гурт» деттарг
Сан дог дац.
Иза дуьне ду,
Сан некхе доьссина,
Сан дагна метта
Сан дагах хилла,
Детталуш,
Кхиссалуш,
Догуш,
Доьлхуш,
Лелхаш,
Лозуш...
***
ЦIе а ма ю ша-ша тайпанара:
Цхьаъ кхерчахь йогу, доьзал, хIусам йохъеш...
Важа даг чохь йогу,
Адамийн синош дохдеш.
Цхьа кхин цIе –
Дегнаш цIарах, нуьрах дагош,
Серлонехь къегош.
Ойла ягош – кхетамаххий,
Хьекъалаххий,
Собараххий,
Доьналлеххий,
Оьздаллеххий.
И цIе ю
Дуьне латтош,
Дахар латтош,
Хьой, сой латтош,
Ца вужуьйтуш,
Ца вухуьйтуш...
– ХIей, къонах! Хьоь бохий ас-м!
Хьайн догучу дагах яккхий,
ЦIе лохьа суна...
Суна гуш ду
Хьан дог догуш:
Пхьарматан цIарах,
Кхерчарчу цIарах!
Кхерчарчо
ДегI ма дохдо.
Дагчуьрчо –
Хьан са дохдо,
Ойла йохйо...
Со вагийта хьайн цIарах.
Хьайн цIергахь со вагийта,
ДегI ца дагош.
Дагийтахьа сан дог, къонах!
Цу хьайн цIарца,
Цу хьайн цIергахь,
МостагIашна,
ДоттагIашна,
Сайн Махкана,
Д